На чеченском языке «Моя педагогическая философия»

Эссе

На чеченском языке

На чеченском языке

Эссе на тему:

«МОЯ ПЕДАГОГИЧЕСКАЯ ФИЛОСОФИЯ»

учителя чеченского языка и литературы МБОУ «СОШ№56»

Абуевой Товман Ильмадиевны

2015 г.

Хьехархо волчунна хуур ду –ма доккха ирс ду и- нахана пайденна хилар…

И. Кру п ин

Вайн дахар — некъ. Стенга? Наггахь хьалххе д1аала хало ду . Массо а некъаша цхьанахь кхачаво. Т1аьххьарлера 1алашо новкъахь гучуяла а тарло. Дика ду-кх , нагахь хууш хилча стенга а, х1унда а воьду. Наггахь ц1еххьана кхета, коьрта зер долало 1алашоне д1акхаьчча . Хаттар х1утту : ткъа кхин д1а х1ун ду? Юха а лехам,юха а некъ.. .Иза чекх ца баьлла , мелхо а бахлуш бу…

Хьехархо волчунна хуур ду ма доккха ирс ду и нахана пайденна хилар  1 Дахарехь нисло х1уъа а…

Аьтто бохар … Сагаттадо ,х1ун ца дина –те ас нийса? Х1ун ца дина далушшехь? Кест-кеста ойла йо ас ,г1алатийн цхьа дика аг1о ю –цара 1амаво.

Кхиам… Иза буста мегар ду ломан буьххье валарца. Ойла йо, кечам бо , цул т1аьхьа ехха , хала ирхо… Кхиам – иза зер . Иза карарчу хенахь цхьа минот. Хьалха д1аваг1архьама , хьайн кхиамаш т1ехьа а буьтуш ,керлачу лакхене кхийда веза.

Йист йоцу шеконаш,чаккхе йоцу хеттарш «х1унда?»… Делахь а билггал цара 1амайо со кхочушдан , лаха , кхолла. Суна ца хаьа, муха доьрзур ду сан къахьегар т1ейог1учу хенахь .Нийса мах хадабой –те д1адахначун? Дуьсург-карарчу хенахь кхоллар . Амма шеко йоцуш цхьаъ ду-дешархочух тешар.Х1унда хилира со хьехархо? Школа чекхъяьккхича , суна билггала хаьара ,со университете хьехархочун дешар деша г1ур юй. Иза ларамаза дацара Суна масал дара –сан да, дуккха а шерашкахь школехь нохчийн меттан а ,литературин а хьехархо болх бина волу. .Иштта сан ший йиша а ю хьехархой-нохчийн меттан а,математикан а. Сан дас ,тхуна ,берашна , матте болу безам кхиийра.1амийра кхета а ,йовза а дешан хазалла . Гергарчу,хьомечу наха схьадиллира суна дуьне,1амийра нахе ладог1а ,дахарх самукъадала. Бисира сан дахарехь уггаре дика хьехархой санна..Суна хета ,сан кхоллам-хьехархо хилар! Хаттарна «Х1ун болх беш ю хьо ? ас даимна а дозаллица жоп ло : «Хьехархочун!»Х1аъ,ас дозалла до со школехь болх беш хиларна. Суна «Хьехархо» цхьа дош , болх, корматалла хилла ца 1а –иза сан дахар!

2 стр., 632 слов

Как писать по чеченском языке суна дукхаеза спорт

... и йоI кхузахь болх беш? ХIун деш ю-те и? ГIуо со? Дика йоI ма яpа иза». Сок мала чувиpззинчохь евзинеpа суна и. И pеза ... – элиpа цо. И Iаш стенгахь ю а, дешна маца яьлла, болх беш дукха хенахь дуьйна юй, муьлха автобус тIехь и дIасалела, кхин а цунах ... дехьа йисттехь, лимонад, cигаьpкаш, мутт духкучу декъехь ю. И йолчу агIоp цхьа а вац. КIажахь, стоьлан хьалха хIоттийначу гIанта а хиъна, цхьаъ язъеш ...

Дагадог1ий шуна Сократа аьлларг? « Массо а корматаллаш адамашкара ю ,ткъа кхоъ- Делера: Хьехархо, Суьдхо, Лор. «И хьекъале дешнаш ду сан хьехархойн философин бухехь. Со , коьрта закон шен «Зен ма де!» долу лор санна ю . Цхьа а г1ирс,прибор йоцуш ас тергам бо берийн дегийн, оьздангаллийн могашаллин, ас дарба до цхьа молха а , маха а доцуш ,хазчу дашца, хьехарца, къажарца, терго ярца. Со, , дайн а берийн а къовсаме нисвелла хьекъале суьдхо санна, олалла ,хьаькамалла ца до,амма барт бо ,д1ашарйо галморзахаллаш,узу дика а, вон, дараш а, хиламаш а.

Айса болх бечу заман чохь со кхийтира: дика хьехархо гуттар а ша 1емаш хила веза.1емаш,ша шена т1ехь болх беш , 1емаш , шен хаарш кхечарна д1алуш. Иза кхиаман закъалт ду. Ца лаакхар-кха сайх лаьцна олийла : « Тхуна хьехархочуьнца ца тайна» Бакъволчу хьехархочунна хиламан сихха ,нийса мах хадо хаа деза .Бакъду шен белхан ,ша шен кхиаран,1аморан мах хадош хила веза иза.Цундела ,ларамза дац уггар а коьртачу хьехархочун амалех цхьаъ 1ама хаар а, лаар а хилар .Шен г1алаташ а, кхиамаш а т1ехь а , накъостийн белхех зеделлачух, шайн берашкара. Это постоянное стремление к совершенству, на мой взгляд, и отличает настоящего учителя. Иза воьду уроке ,шен берашца цхьаьна лаха керла кепаш ,къийса,галвала,керла хаарш схьаделла.

Хьалха, со болх бан йолалуш суна лаьара ,сайн берашна аса лучу массо а хаттаршна жоьпаш хаа. Х1инца со кхета ,коьртаниг и дац. Коьртаниг-берийн Хьехархо волчунна хуур ду ма доккха ирс ду и нахана пайденна хилар  2 и жоьпаш лаха лаам хилар.

Дагадог1ий шуна цхьана ширчу хабарехь…. Дуьненахь вехаш хилла цхьа хьекъале стаг ,ша дерриг хууш. Амма цуьнан цхьана дешархочунна дагадеана и бакъ ца дан.куьйгаш юккъе полла а биллина ,цо хаьттина : «Алахь,хьекъалдерг ,муха полла бу сан карахь:белла я дийна?» Ткъа ша ойлаеш ву: «Дийна бу алахь буьйр бу ас,белла бу алахь д1ахоьцур бу»

Ойла йина ,хьекъал долчо жоп делира: «Ша дерриг хьан карахь ду»

Цундела саца мегар дац. Дахар хьалхаха д1аоьхуш ду,шуьрра схьабиллинчу берийн б1аьргаша сатуьйсу,дог доху керлачуьнга, тамашенчуьнга… Хаьржина-кх ахь хьехархочун корматалла- хьалхахьа !Берашца цхьаьна!