Автор ларйоцуш ца дов д адахнарг

Сочинение

Ларйоцуш ца дов дIадахнарг

(Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» повестах)

XIV бIешеран чаккхе. 1395-чу шеран бIаьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу АстагI Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца АстагI Тимара тIом бо кхечу мехкашдIалецархочун – Тохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул тIаьхьа Тимар ерриге а ДегIастанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до АстагI Тимара Къилбаседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьалойо мехкашдIалецархочун гIеранашна. Оцу къаьмнийн гIортор хилла уггар хьалха майралла, доьналла, маршоне дозадоцу безам, шолгIа – юькъа хьаннаш а, хийла бIеннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардина лаьмнаш а.

АстагI Тимаран бIо, ламанхой кхин къарбала а ца тигна, эрна цхьаьнаметта ца латтархьама, юхабоьрзу. XV-чу бIешеран юьххьехь дуьйна нохчий шайн аренца долчу латтанашна тIе охьакхалха буьйлало.

Иштта бу оцу шерех болу историн хаамаш. Изза тIечIагIдо нохчийн ширачу хабарша а. ХIинца а йолуш ю оцу заманан хиламаша кхоьллина меттигийн цIераш, масала: АстагI Тимаран саьнгарш.

Вай лакхахь хьахийначу историн хиламех лаьцна ю нохчийн вевзашволчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу стихашкахь повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна тIеIаткъам чIогIа болуш хуьлу, историкийн доццачу тоьшаллел. ХIара говзар ша кхуллуш, авторо шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьненехьежамаш.

Стихашкахь повестан эпиграфехь далийна ду оьрсийн сийлахьчу поэтан А.С. Пушкинан кIорггера чулацам болу дешнаш: «Шен дайн хьуьнарийн сийлаллех куралла яр, мегна ца Iаш, декхар а ду: и цаларар иэхьен осалалла ю». Цуьнца цхьаьна догIу поэмин авторан дIадолор а:

ХIан-хIа, вайн дIадахнарг, Ца дов ларйоцуш,, Йиш яц и дицдан а,

Яларх хан хийла.

Деха и даима вайца,

Лийрдоцуш., ДIадахнарг тарлац, Вай дилла архиве…

… Дика а, вуон а цо

Iамадо довза,

Сийлахьниг къастадеш, Иэхьечух нийса., Дай лара хьоьху цо,, Даймохк вайн биэза,, ГIиттадо, бакъ толош,, Харцонца къийса…

Дуьххьара дешархочунна гойту Iаламан сурт, азаллехь дуьйна шен декхар кхочушдеш, Iа-бIаьстенца, аьхке-гуьйренца хуьйцуш, схьадогIуш долчу:

2 стр., 547 слов

По чеченскому языку — нохчийн мотт г1иллакхийн хьоста

... цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу ... волу нохчиНенаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.Г1онна ...

Iаламна, Iаьржа а

Дуьйхина, Iен

Ца хаьа,

Адамна санна., ГIайгIанна къорачу, Цуьнан а шен, Декхарш ду

Массо а ханна.

Нах цIайна (иштта олуш хилла ширачу заманахь Iесачу динан дезачу дийнах) гулбелла бIаьстенан сирлачу, сийначу цхьана дийнахь. Таханлерниг Мехкан Нана хоржу де ду. Ерданна-килсана хьалха гулделла адам, мехкаршлахь хазаллица а, оьздаллица а тоьллаерг харжа цхьана шарна, цуьнан цIе «Дела» а йоккхуш. Оцу заманахь къона зударий шина декъе боькъуш хилла: шайн гIиллакх-оьздангаллица а, исбаьхьчу куьцехь а тоьлла болчех «мехкарий» – мехкан йоIарий олуш хилла, вукхарах – йоIарий я зудабераш. Иштта боьрша нах а: стогалла, доьналла, хьекъал долчех «къонахий» – къоман нах, ткъа вукхарах – божарий, стегарий олуш хилла.

Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн дIадаханчух керла тоьшаллаш а далош: керла хаьржинчу ЙоI-Деле ден дехар:

  • ХIай сийлахь Дали,

ХIай Меркан (мехкан – Б. Хь.) Нани,

Тхен Нани ери хьо,

Хьен бераш бери тхо.

Тхо Iалашбехьа,, Тхен тергоехьа.

Хьен ницкъ сов бери,

Тхо гIийла бери…

Иштта гайтина сагIина бежана дер, цуьнан коча кхерчан зIе а тосий, цу кеппара цIийн сагIа даккхар. ЦIеххьана тIебогIу дагахь а боцу бала – Нохчийчу вогIуш ву къиза, нуьцкъала мостагI. Цара вийна Симсиман (хIетахь иштта цIе йоккхуш хилла Нохчийчоьнан) паччахь Куьйра-хан. Иза нохчашна тIе нуьцкъаша хIоттийна хилла, цуьнгахула тIехIиттийна хилла элий а. Цундела кхиэташ ду, халкъана тIе кхераме сахьт хIоьттича, цара шайн хьаштийн бен терго еш хилла цахилар. ТIаккха нохчаша шайна юкъара баьчча (тIеман куьйгалхо) хоржуш хилла:

Зама вай йойур яц,

Элашца къийсалуш,, Цхьа кхин ду сихонца, Кхочушдан дезариг., Доьху, схьаалалаш, Хетарг, ца ийзалуш:, Баьчча ву, хьем ца беш,, Вай харжа везариг.

Баьччаллин билгалонна луш хилла Мехкан тур, турс, гIагI халкъо хаьржинчуьнга. И герзаш баьчче дIалуш берш зударий бу, цо кхетадо хIунда олу нохчаша шайна уггаре деза-сийлахьчунна хьалха «нана» боху дош тIе а тухуш: Нана-Мохк, Нана-Нохчийчоь, Нана-Даймохк, Нана-ДегIаста, иштта кхин а.

Турс а, гIагI а дохьуш баьччина тIейогIу йоккха стаг – Нана-Нохчийчоьнан васт-амал:, ХIай баьчча, хIара турс,

ГIагI а дIаэца,

Къизачу тIамехь хьо, Кхара ларвойла., Вайн лаьмнийн, вайн кхерчийн

Турс, гIагI хьо деца,

ЦIахь наной хилар а

Диц ахь ма дойла!..

Мехкаршлахь тоьллачу Мехкан йоIа Эсирас Мехкан тур дIало баьчче БорзабIаьрге. Къонахийн дог-ойла, доьналла, стогалла, яхь ийъинчу мехкарех ю иза буьйцучу хиламел хьалха а, царел тIаьхьа. Нохчийн барта кхоллараллехь шайн цIерашца билгалбаьхна а бу уьш: Дадин Айбика, Адин Сурхон нана а, кхиберш а.

– Соьгара, ХIай сийлахь,

Везийра баьчча,, ДIаэца сийлахь герз –, Мехкан тур ахь., Толамца верзий цIа,, Кху лаьмнийн баьрчче, Сийдарца юха и, ДIаоллалахь!.., Ткъа баьччин коьртатуьллург – болатан тIеман куй – тIебохьу къонахех цхьамма.

  • Баьччин куй тиллий, ахь

Баа хьайн дуй –

5 стр., 2308 слов

На чеченском языке оьздангалла

... а эцна, дегош, тамехь д1анисдар, нускало: х1усаман а, доьзалан а, мехкан а сий лардан — ша юкъ йихкина хилар гайтар ду. Иштта деза, доккха маь1на а, чулацам а ... сий дар а, цуьнан лерам бар а дара. Сан нана Майртуапара ма хилла — олуш, со кхетош, б1аьргех девла хиш а хаалуш, ... ву — олуш, говр а човхош, и хьадалча д1авахара. Хьешех, воккхачо: — Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай… — олуш, юхабирзира ...

Лаьмнашна, халкъана

Дала дог, цIий…

Повестан шолгIачу декъехь бевза вайна мехкан къонахий: БорзабIаьрг, Аьрзу, Анас, илланча Айтамир. Уьш бу доьналлех а, стогаллех а буьзна, хьекъалца а, собарца а кхечарех къаьстина, халкъо къобалбина нах. Кхузахь коьртаниг хьал-бахам я тайпанан-тукхаман ницкъ ца хилла, ткъа вай лакхахь ягарйина билгалонаш хилла.

БорзабIаьрг – бIаьрг сирла ву,, БорзабIаьрг – лерг сема ву,, БорзабIаьрг – хьекъале ву,, БорзабIаьрг – дог майра ву!, АстагI Тимаран васт кхуллуш, цуьнан дар-лелар а довзийта, автора дуьххьара гойту цуьнан куц-кеп:, Шуьйра белш. Лекха хьаж.

Мара бу виэда.

Юьхь – малхо, мохо а

ЦIестан бос белла.

БIаьргаш чохь-къизалла,, ХIилла а къиэда,, Маж, меккхий нилха ду,, Дерриг сирделла…

КхидIа повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг буьзна, адаман дахар а, сатийсамаш а цхьана а хIуманан меха ца хетачу цо цхьа атта кхайкхайо адамашна кхиэл:

ТаIзар сан

Ду царна нийса:

Уггар а лекха берд,

КIорга Iин харжий,, Куьг-ког а дехкий, уьш, Бердах чукхийса –

Шен ирс дерг, тIулгаш тIе

Кхетта, ву ваьржар!..

Шен уггаре тоьлла тIеман баьчча Бахьадур нохчашца хиллачу тIамехь иэшийча, шена иэхье машар бан хIилла хьовзо а хаьа цунна:

«Иттех де – Iийр вац со

Кхузахь кхин веха.

Иштта а эрна ас

Яйина хан.

Ткъа нохчий, машаран

Кеп хIоттош, Iехо

Мегар ду… деза цхьа

СовгIаташ дан…»

БорзабIаьрг а, Анас а, Аьрзу а халкъан бакъболу тхьамданаш бу.

БорзабIаьрг – «къена бIаьхо, майрачу мIайстахойн дада, нийсонан, тешаман сема хехо, говза ву осалла кхада». Цуьнан валар а хуьлу турслочун Iожалла санна.

Ишттачу къонахаша хIинццалц схьа, даржа ца доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ.

Анас, воьжначу БорзабIаьрган метта дIахIотта хьакъволуш, къона, амма майра а, хьекъале а баьчча ву. Цхьа цIена, сирла бу цуьнан Эсире болу безам, Даймахке, шен махке болу безам санна.

Амма оцу вай дагардинчу васташна юкъахь коьртаниг хилла дIахIутту илланчин Айтамиран васт. Хууш ду, массо а заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта хилла нохчийн а. Цундела, лаа дац, ирча кхаъ бохьуш веана геланча дIавахча, массарел хьалха дош олург илланча хилар.

Тобанах схьакъаьстий,, КоьртаIуьйра,, Айтамир хьалхахьа

Волу.

Верриг кIайн, зоьртала,, Белшаш шуьйра –, Ишттачух «къена» ца

Олу.

Симсиман паччахь Куьйра-хан а хIуттуш ца хилла Айтамиран дош дохо, хIунда аьлча цунна гуш хилла илланча шен къоман са дуйла, цунна тIе куьг дахьар халкъо ловрдоцийла.

Айтамир – кху лаьмнийн

Верас и ву,

Лаьмнийн дог догуш шен

Кийрахь.

Айтамир – кху лаьмнийн, Илланча ву,, Лаьмнийн аз декаш шен

Кийрахь.

2 стр., 567 слов

по чеченскому языку «Родной язык-моя гордость

... хаьа, бохуш. Ткъа дуьненахь а воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ ... бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Сайн сочинении ерзош суна дало луур дара вайн сийлахьчу яздархочо, поэта Мамакаев ... Даймохк-Нана. Нана санна, Даймохк беза вайна, цунах девлча тоха са а доцуш. Иштта шен нене, Даймахке санна, хила беза ненан ...

Къеначу илланчас нахе дешдолу къамел а ду кIорггера чулацам болуш. Муха лан деза ярташ, шахьарш, хьаннаш ягор, ялташ говрийн бергашца хьешар, дайн кешнаш сийсаздеш гар – иштта хаттарш хIиттадо цо халкъана хьалха. Айтамирна уггаре коьртаниг ду – кхидолу къаьмнаш я мостагIий нохчех цакхардор, халкъо лолла тIе цалацар.

Дуьххьара хиллачу тIеман тасадаларехь нохчий иэшча, тIаккха а шен пондаран мерзийн мукъамца, иллин дешнашца адамийн доьхна дегнаш ойбург Айтамир ву:

Лаьттана гуолаьцна

И сийна хIорд санна,

Лаьмнашна гуолаьцна, МостагIий лаьтта., Дакъаза ма довла,, ХIай нохчийн ва кIентий,, Доьхначу кху дийнахь, Шу мичахь тийна-техь?.., Сий лардан, яхь ларъян

КIентий шен кхин боцуш,

Йиси-техь Нохчийчоь

Дан амал кхин доцуш?

Дакъаза ма довла,, Яхьйолу хIай кIентий, Доьхначу кху дийнахь

Шу муха Iедели?

Доьхна де дуьххьара, Гуш шу ма дацара,, Кхерамехь хIинццалц шу, Доьхна ма дацара., Дакъаза ма довла,, Яхьйолу хIай кIентий,, Тахана орцанна, Шу хIунда хьедели?..

АстагI Тимарца машаран дийцарш дан веънарг а ву Айтамир шеца Эсира а йолуш. Къизачу Тимаран кура дог-бIаьрг кхин а тIе а духу и шиъ гича:

«ХIорш бу-кх уьш…

ХIинццалц сан

ХIорш ловзо дезна!..

Илланча… Майра йоI…»

Уггаре а халаниг ду Тимарна, тохара хьалха йийсаре балийначу нохчаша санна, гора а ца оьгуш, къинхетам а ца боьхуш, Айтамира шега майра къамелдар.

Iожаллин тур хилла

Веанчу хьуна, Кхаьчнарг а ю хIинца, Декъаза хIонс!.., Йицъелла хьуо вина

Хьайн нана хьуна,

Цундела неханиш, Ахь белхабо.

Ца дезна цкъа а хьайн

Бераш а хьуна,

Цундела неханиш, Ахь хIаллакдо…, Карабалийначу йийсархошна кхиэл кхайкхорехь а хьалхара дош Айтамирехь ду., Сих ца луш, собаре

Хилар цо доьху.

Массарна гуш деца, ХIоьттина хьал., ХIетте а адамалла,, Къинхетам хьоьху,, Къизалло толам ло, Моттар ду гал…

ХIаъ, Айтамиран даг чохь адамалла, къинхетам бу, хьалхо-о Тимара нохчашна-йийсаршна къиза кхиэл кхайкхинехь а. Тимар тешна хилла ницкъаца, кхерам тасарца, Iожалла яржорца дерриге а халкъаш шега иэшалур ду бохучух. Амма илланчин хьекъал, ира, нийса дош нуьцкъала хиллера мел доккхачу эскарал а, церан герзел а.

Шайна тIе тидам бохуьйтуш ду йоккхачу стеган-ненан а, воI воцчу ден а васташ. Нохчийн иллешкара Адин Сурхон ненан, оьрсийн КIентан ненан васташ карладоху йоккхачу стеган къамело:

…Виъ воI сайн кху тIамехь

Велла ас Деле…

Хилла уьш ца боьгIна

Кхин суна ган…

Ткъа хIинца висинарг –

Уггар а хьоме

Верг сайна дIаэцар

Доьху хьоь ас.

Эшначохь махкана

Вала во хIора

КIант нанас, цундела

Бакъо ю сан…

Ткъа хьоьга, кIант, ду сан, ТIаьххьара ала., Дехахь дIа хIокхара

Хьайн дегIан са…

…Ахь чехка дIалолахь

Хьайн мерза са!

Иштта веана къена Дада а, шен йоI тIаьхьа а хIоттийна:, Тахана, мехкан сий, Лардечу дийнахь, БIаьхошца ца хилча

Шен майра воI,

Иэхьхеташ хеба-кха, Дадин дог кийрахь…, Кхетий хьо? ВоI вац сан,

ДIаэца йоI!

4 стр., 1704 слов

Сан даймохк на чеченском языке

... мел деха, лечу сохьтехь «Ясин» а нохчийн маттахь деша Іамавелахь массо а! Амма: Сочинение на тему сан даймохк на чеченском языке Бергоева Айзан Абдилвахитовна Сан Даймохк! Сан ирс а, халда хьуна, Сайн дог ... Муха хила еза шен кІант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла нана? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх нохчийн халкъан зІенан чІуг ца ходуьйтуш ...

Иштта хилла лаьмнийн гIиллакх, нагахь и иштта ца хиллехьара, хийла нуьцкъала, кура паччахь кхузарчу халкъаша, ницкъ бохийна, куралла йожийна, юханехьа дIахьажор вацара.

«Тимуран тур» повестехь Iаламан суьрташ ша кхуллуш, авторо боху адамашка, мел исбаьхьа ду дуьне, Iалам, адамаша шаьш тIемийн къизаллашца дохош, талош долу.

Ламанан кху ирзехь

Iуьйре гIаьтти,

Бер санна, самукъне

Ловзуш.

Месала хьаннаш, наб

Йожош, лести,

Сийна чIуг хелхарехь

Хьовзош.

Iуьйрено шен къона

Болар сихди,

Къиэжа и, юьхь нуьре

Йогу.

ГIабалин баьццара, ТIам кхерстош, и, Дахарна барт баккха

ЙогIу.

Къеди схьа лаьмнашна, ТIиэхьара цIен, Малх, хьаннаш зIаьнаршца

Юцуш.

Сема лу кIорница

Дели гу тIе.

Зарзар ю безам шен

Буьйцуш.

Сирла ду дерриг а,

ЦIена ду сов.

Догдика – гонаха

Мел дерг.

Iаламна ца хаьа

Цабезам, дов,, Дац цуьнца дагна хьагI

Елларг…

Оцу исбаьхьчу Iаламан цхьана хазачу ирзу тIехь, «адамо адамца къевсина текх», дуьххьарлера тасадалар хуьлу нохчийн Тимаран эскаршца. Поэмин авторо бехкбуьллу адамашна цу маьлхан ирзунан маьрша дахар дохорна.

ЭхI, маьлхан ирзу!.. И

Iаржделла ша,

Буьрсачу чIагарехь

Хьийзаш.

Ховха бай бухбохуш, Бу бергаша,, Сийна букъ кхоамза, Къийзош!.., Маьхьарий… НеIалташ…

ГIийла узарш…

Зевнаца деттало

Герзаш.

Оьгу нах, хьоьшу нах…, ЭхI, адамаш!.., Дой къиэхка, инзаре

Терсаш…

Цхьана байттамаллица, бехкбаккхарца хеза «эхI, адамаш!..» боху айдардош-тIедерзор, цо повестехь драматизм кхин тIе а чIагIйо. ХIунда, стенна Iенадо цIий, хIара латта сел доккха, паргIата, исбаьхьа хилча? – боху хаттарш сих-сиха хIиттадо авторо.

Ямартчу элана Бахьагна кIарлагIа-неIалтан барз югIу. Иштта Iедал хилла нохчийн ширачу заманахь. Цара, арахьарчу мостагIашца къийсина ца Iаш, луьра дуьхьалоеш хилла шайн коча бухкучу элашна а, нагахь уьш халкъ шайн олалли кIел берзо гIоьртича.

Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу повесть, исбаьхьаллин говзар хилла ца Iаш, нохчийн историх а, юкъараллин дIахIоттамах а язйина ю. Бакъду, нийса хир дара, нагахь цу повестан цIе «Тимаран тур» аьлла елахьара, Нохчийн барта кхоллараллехь цуьнан цIе Тимар я АстагIа Тимар олий йоккху. И повесть школан программи юкъаялийна а ю. Дешархоша дика тIе а оьцу и, хIунда аьлча царна и йоьшуш дуккха а керланиг девза шайн генарчу дайн дIадаханчу дахарера. Амма и ешале хьалха хьехархочо йовзийта еза цу тIехь буьйцучу хиламийн зама. ХIетахьлерчу нохчийн Iер-дахарх, гIиллакхех, амалех, динлелорах дика хаарш долуш а хила веза хьехархо. Кхетош-кхиоран балха тIехь доккхачу маьIне а, пайде а ю и повесть.

Нагахь санна дIадахнарг ца девзаш тIаьхье кхиахь, хиндерг доцуш хуьлу муьлхха а къам. Поэта шен повестан дIадолорехь ма-аллара:

ДIадахнарг, мохь хуьлий,, Белшаш тIе дазло,, Таханах ца къаьсташ,

ДIаоь и тIаккха.

Кханенна ков делла

Вайна ца хаздо,

2 стр., 646 слов

Йо1ан эхь к1ентан яэь ма эшайойла

... къамел дечу хенахь теш хилар – иза нохчийн оьздангаллийн бохо йиш йоцу лехам бу. Нагахь хийистехь лаьтташ и шиъ делахь, к1анта лело ... нах баьхкича, «тхан йо1ана ца хаьа» ца ала. Иштта к1антана а 1амош хилла ша схьаялийча нехан зуда кхаба езар а, ша лелон ... и осала лоруш а, магош а ца хилла. Захалонан юьхь йолаяла тарлуш ду синкъерамехь а. Нохчийн синкъерам – иза кегийрхой вовшашна бовзийта вовшех ...

Ницкъ ло цо вайна гIулч

Хиндолче яккха.

БIеннаш шераш хьалха дуьйна, хIокху повестехь буьйцучу хиламех тера хьал тIехIоьттича, вовшашна орцахдовлуш хилла Къилбаседа Кавказан къаьмнаш. Иштта кхоллалуш хилла халкъийн вежаралла. «Тимуран тур» повестехь гайтина Дагестанерчу къаьмнийн векалша тIевеанчу мостагIчунна тIехь толам баккха гIодеш хилар.Уьш историн тоьшаллаш ду, тахана къаьсттина дицдан йишйоцуш, юх-юха а карладаха дезаш, таханлерниг санна чолхе, карзахе еанчу заманахь шен диканца, шен вонца чекх ца далало цхьа а къам хIокху дуьненахь.

ТIаккха хир ду вайн тешаме хиндерг а. Шенна дахаделла къам а дац. Иштта хьехамаш бо вайна Арсанукаев Шайхис шен «Тимуран тур» повестехь.